Чулацаман тӀегӀо

Нухь

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Нухь
Ӏаьр. نوح‎‎
Сулюс йозанца йазйина Нухьан цӀе
Сулюс йозанца йазйина Нухьан цӀе
Шайхул-мурсалин, Абул-Башарус-Сани
Говзалла дечиг-пхьар
Вина терахь в.э. тӀейалале 3900 шо хьалха
Вина меттиг
Кхелхина терахь в.э. тӀейалале 2950 шо хьалха
Кхелхина меттиг Ур, Месопотами
Да Ламак
Зуда Амура а, Ваил а
Бераш Хьам а, Сам а, Ям а, Яфис а
ГӀарадевлла белхаш
Лоруш волу динаш ислам, насаралла, жуьгталла, сабиинаш, мандаалла, бахӀаалла
Къуръанан адам
Кхечу меттанашкахь йоккху цӀе оьрс. Ной
слав.-килс. Нѡ́е
лат. Noe
шир.-желт. Νώε
Къуръан чохь хьехор 43-зза

Нӯхь (Ӏаьр. نُوحٌ‎‎; шир.-Ӏеб.נֹחַ‏‎ [Но̄хь] — «синтем»[1])‎‏ — иза исламан пайхамар а, элча а ву. Иза улул-Ӏазм олучу элчанех цхьаъ ву[2]. Къуръан чохь 43-зза хьехийна ву, цуьнан цӀе тиллина ду цу чуьра 71-гӀа «Нухь» сурат. Цуьнан гӀуллакх къиношла дахана долу шен къам лардар хилла. Дала цунна тӀедиллина хилла цаьрга дин кхайкхор а, хӀуьппалгашна Ӏибатдарх уьш генабахар а, Цхьана АллахӀана цаьрга Ӏибадатдайтар а, дикачу а, цӀеначу а дахарехь уьш бахийтархьама[3]. ТӀетаьӀӀина цо дин кхайкхинехь а, цуьнан къомо тӀе ца ийцира иза, цу тӀехула хӀордкема дар а, Дерригдуьненан хитӀедалар а хуьлуш. Исламан ламасташкахь къовсам хилла ХитӀедаларан хьокъехь, дерригдуьненахь хилла иза йа меттигера хилла аьлла[4]. Къуръан чохь ма-бохху Нухь а, цуьнан даӀват а 950 шарахь лаьттина: ﴾Баккъалла а, Нухь вахийтира Оха шен къоме. Эзар шарахь Ӏийра иза царна юкъахь, [эзар шо дуза] шовзткъе итт шо тӀеоьшуш. Ткъа хитӀедаларо хӀаллакбира уьш. Зуламхой бара уьш﴿ [Къуръан 29:14].

Силсила[бӀаьра нисйан | нисйан]

Иза ву: Нухь ибн Ламак ибн Маттушалахь ибн Ханух (ткъа иза Идрис ву) ибн Ярд ибн МахӀлаил ибн ибн Къинан ибн Ануш ибн Шис ибн Адам.

Дахар дӀайаздар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Къуръан чохь[бӀаьра нисйан | нисйан]

Къуръан чохь Дала хастийна Нухь, пайхамаршна йукъахь цуьнан сийлахь меттиг гойтуш: ﴾ХӀай Нухьаца [хӀордкеманахь] Оха дӀабигначеран тӀаьхье! Баккъалла а, баркалле [шукар долуш] лай вара иза﴿ [Къуръан 17:3]. Иштта цу чохь иза хьехийначу айатех ду:

75. Нухьа кхайкхира Тхоьга. Ткъа Оха-м дика жоп ма лой дехаршна [йа ма дика бара-кх жоп луш берш!].
76. Оха кӀелхьарваьккхира иза а, цуьнан доьзал а боккхачу баланах.
77. Цуьнан тӀаьхье йисийтира Оха буха.
78. Цуьнан [Нухьан] хьокъехь [тӀаьхьенашкахь иза хастош вийцар] дитира Оха.

79. Маршо йу-кх Нухьана Ӏаламашлахь!

Ас-Саффат сурат 37:75-79

Дийцар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Нухь пайхамар кхиболу пайхамарш санна: ИбрахӀим а, ИсмаӀил а, Исхьакъ а, ЯӀкъуб а, Ӏийса а, Ильяс а, Айюб а, ХӀарун а, Юнус а, Давуд а, Мухьаммад а санна тешаме элча хилла. Нухь Дела цхьаъхиларх тешаш а, бусалба дин кхайкхош а, цхьана Далла Ӏибадат даре кхойкхуш а хилла. Нухь пайхамар нахана шайна тӀедогӀур долчу лазамечу Ӏазапах лаьцна дӀахаийта волавелира, цаьрга дехар дира цо Вадд а, СуваӀ а, ЯгӀус а, ЯӀукъ а, Наср а санна долчу цӀунашна Ӏибадат даран меттана, Цхьаъ бен воцучу Далла Ӏибадат де аьлла.

Дала Нухье омра дина хилла адамашна цкъа а девзина хилла доцу хинкема (хӀордкема) дарца. Цуьнан йохалла дезткъа дол кхаччалц хилла боху, йа эзар олу, йа ши эзар олу, кхечу кепара а олу. Цуьнан дечиг хилла тик диттан йа баганан, хьостанашка хьаьжжина. Цуьнан къомах болу нах цунна уллохула тӀех мосазза бовлу, цара иза беламе дора. Кема дина чекхдаьлча, Дала Нухье омра дира массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хӀума хинкеманна чу даккхарца, шен доьзалца а, шен къомах ийман диллинчаьрца а дӀагӀо аьлла. Ткъа Нухьан элчаналла харцдинарш, шайна йукъахь цуьнан цхьа кӀант а, цуьнан зуда а йолуш, хи бухабахара. Цул тӀаьхьа хинкема сецира «Жуди» олучу лам тӀехь.

Кхечу динашкахь[бӀаьра нисйан | нисйан]

Насараллехь а, жуьгталлехь а[бӀаьра нисйан | нисйан]

Суьрта тӀехь гойтуш ду хи хьаладалар а, хинкеманна тӀе а хиъна, хи хьаладаларх дийнабиса кечлуш болу нах а.

Библин Ширачу Весет чохь, Товрат чохь а, ДӀадоладаларан тептар чохь а ма-дийццара, Нухь Ламакан хилла, Адамал тӀаьхьа уьтталгӀа тӀаьхье лоруш а хилла иза. Цуьнан 600 шо хилла Дала хинкема дар тӀедиллинчу хенахь. Лаьтта тӀехь хитӀедалар хиллачул тӀаьхьа, 350 шарахь вехира Нухь. Дерриге а Нухь ваьхна шераш 950 шо ду.

Библин Керлачу Весето Нухь Делан гергара а, муьтӀахь а стаг ву аьлла, ткъа Маркан Инжило иза хӀоттаво ИбрахӀим а, ЯӀкъуб а санна цхьана дарже.

Вайн эрин III-чу бӀешарахь Аврелий Августина (354—430) йаздинчу насарийн йозанашкахь Нухьан хинкеманна доккха динан маьӀна делла, иза кӀелхьардовларан билгало лоруш хилла дела, хинкема килсах тардеш[5].

Йуккъерчу бӀешерашкахь насараш шайн жайнашкахь къобалдан буьйлабелира ДӀадоладаларан тептар чохь хьахийна адамийн расаш декъадалар, иштта цара цунна тӀе а туьйхира керлачу классийн декъадалар. Церан тоьлушха йолу ойла хилла динан дай а, беза нах а Саман тӀаьхьенах схьабевлла бу, ткъа дошлой Яфисах схьабевлла бу, ткъа къехой Хьаман тӀаьхьенах схьабевлла бу аьлла. Ткъа Товрато хьахадо Сам а, Хьам а, Яфис а Нухьан кӀентий бу аьлла.

Хьостанаш[бӀаьра нисйан | нисйан]

  1. Синило Г. В. Древние литературы Ближнего Востока и мир Танаха (Ветхого Завета). — Экономпресс, 1998. — С. 199. — 480 с. — ISBN 978-985-6479-04-8.
  2. NÛH (тур.). TDV İslâm Ansiklopedisi. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 27 июнь.
  3. Lalljee, compiled by Yousuf N. (1981). New York: Taknike Tarsile Quran. p..
  4. Stephen J. Vicchio (2008)، Biblical Figures in the Islamic Faith، Wipf and Stock Publishers، а. 94
  5. Augustine of Hippo. web.archive.org (2009 шеран 12 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 28 июнь.